Курсы валют USD/RUB 66.4725 EURO/RUB 77.7529

Нохчийн мотт – вайн дахаран хазна

Вайн къоман дахарехь даздеш долчу денойх уггар деза дерг а, вайн къоман уггар а сийлахьчу денойх дерг а Нохчийн меттан де ду. Иза даздо вай х1ора шарахь оханан беттан 25-чу дийнахь. Мотт - вайн дахаран ца хилча йиш йоцу г1ирс бу. Нохчийн мотт- вайн къоман а, х1ора нохчичун а дахаран хазна ю.

 

Бевзаш болчу оьрсийн яздархоша, поэташа, кхечу къаьмнийн а цхьаьна, 1илманчаша хестийна вайн къоман мотт, и хесто хьакъ болу дела. Эвлаяаша а, динан дайша а, бусалба дин даржочу муьрехь, цу динан бакъо а, нийсо а юьйцуш, нохчийн маттахь бина нахана шайн хьехамаш.

Нохчийн Республикин Конституци т1ехь билгалдаьккхина ду нохчийн мотт а, оьрсийн мотт а, цхьатерра бакъонаш а йолуш, пачхьалкхан мотт бу, аьлла. Стага, шен къоман мотт и безаш велахь, лоруш велахь, шен мотт бийца хууш велахь, шен къам ша ларар а, цу къоман яхь йолуш волу стаг ша хилар а гойту. Нохчийн меттан говзанча вара Нохчийн Республикин хьалхара Президент хилла волу, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Нохчийн мотт а буьйцуш, кхетийра цо вайн нохчийн къам т1еман къизачу шерашкахь, нийса некъ вайн къомана гойтуш. Иштта, нохчийн матте шен ден хилла боллу ларам болуш, меттан сий-пусар деш, схьавог1уш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо волу, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан.

Х1ора доьзалехь нохчийн мотт бийцаре терра бен, цуьнан сий-пусар даре терра бен, вайн къоман г1иллакхаш, 1адаташ, оьздангалла, халкъан ламасташ, къоман истори ларлур яц вайга. Эзарнаш шерашкахь вайн мотт а ларбеш, цунах дозалла а деш, и бийца а буьйцуш хилла болчу вай дайшна, наношна, нохчийн 1илманчашна, яздархошна, динан дайшна хьалха доккхачу декхарийлахь ду вай тахана, вешан мотт а болуш, нохчийн къам хиларна. Къоман дахарехь хала мур т1ех1оьттича, вайн къам цу халонашка, баланашка эша ца дайтинарг вайн мотт бу.

Дуьне мел лаьтта, вайн къоман хаза г1иллакхаш массо а къаьмнашна довзуьйтуш, кхуьуш, хазлуш, доттаг1аллин, гергарлонийн, уьйрийн мотт хилла, бехийла вайн нохчийн 

А. Султанов

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

 

 

<< < Апрель 2018 > >>
Пн Вт Ср Чт Пт Сб Вс
            1
2 3 4 5 6 7 8
9 10 11 12 13 14 15
16 17 18 19 20 21 22
23 24 26 27 28 29
30